Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
ЯхІуд-махкара Антиохе баьхкинчу наха бохура динан вежаршка: «Аша Муса-пайхамаран Іедалехь шаьш сунт ца дайтахь, шу кІелхьардевр дац». Тхоьга хаам кхаьчна, шу долчу тхох дІакъаьстина болу нах баьхкина аьлла, оха цига хьовсийна боццушехь. Цара шуна юкъахь шайн хьехамашца сингаттамаш баьхна боху. Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТІедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГІалахь а, яьссачу аренгахь а, хІорда тІехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса. Ткъа иза-м кхин тайпа хаза кхаъ бац, амма цхьаболу нах бу шун дегнаш чу шеко а тосуш, шуна Дала леррина Къобалвинчо беана хаза кхаъ харцахьабаккха лууш. Иштта вай а дара, ваьш бераш долчу хенахь, кху дуьненах долчу парзийн а, Іадатийн а долахь.
Выбор основного перевода