Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Кипас элира цаьрга: «Шуна дика хаьа, жуьгтичунна кхечу къомах болчу нахаца къамел дан а, церан чу ваха а дихкина дуйла. Амма Дала элира соьга, ас цхьа а хьарам лара ца веза аьлла. Оха цара бохург ца дира, хазачу кхоан тІехь долу бакъдерг шуьца хилийтархьама. Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Іийсах тешаш болчу наха шайн гІортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагІаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла. Ткъа Кипа Антиох-гІала веанчу хенахь, иза суна юьхь-дуьхьал волуш, со дуьхьалвелира цунна, и бехке волу дела. Къинош летийнарш массарна хьалха бехке бе, кхечеран а даг чохь кхерам хилийтархьама.
Выбор основного перевода