Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Иштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дІа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Іайтархьама. Иштта шу а, сан динан вежарий, Дала леррина Къобалвинарг валарца Цуьнца цхьаьна товрат-хьехамашна делла ду. Веллачуьра Денвинчун дола вай девлла, Далла стоьмаш бахьаш долу дахар вайн хилийтархьама. Ткъа хІинца вай дихкинчу хьехамашна делла долу вай оцу хьехамех паргІатдаьхна. Иштта ширачу некъаца, товрат-хьехамаш кхочушбарца, Далла гІуллакх ца до вай, амма керлачу некъаца, Делан Синца до. Иза массеран а дуьхьа велла, дехаш долу адамаш хІинца шайн дуьхьа а доцуш, амма, вала а велла, веллачуьра денвина волчун дуьхьа дахийтархьама. Вайшиъ дуьнен чуволуш дуьйна а жуьгти ву. Шайна тІехь къинош долчу къаьмнашна юкъа ца вогІу вайшиъ. ТІаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чІагІонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХІунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара.
Выбор основного перевода