Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Хьайн лай волу со кхеле ма вигалахь, хІунда аьлча дуьнен чохь вехарг цхьа а Хьуна хьалха бакъ вац. Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХІора Іийсах тешаш верг массо а хІуманна тІехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара. Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХІора Іийсах тешаш верг массо а хІуманна тІехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара. Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву». Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета. Делан Йозанаш тІехь ИбрахІимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». Иштта хаалаш, билггала ИбрахІиман тІаьхьенах берш Делах тешарш бу. Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахІимца а декъала хуьлу.
Выбор основного перевода