Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Амма, уьш хазачу кхоан тІера бакъдолчуьнца нийсса лелаш ца хилар сайна гича, массарна хьалха аса Кипе элира: «Нагахь хьо, жуьгти воллушехь, жуьгтий санна а ца лелаш, кхечу къаьмнех берш санна лелча, ахьа муха гІертор бу уьш жуьгтийн Іадаташ тІе? Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатохаран сурт ма-хІуттура шун бІаьргашна дуьхьал! Шу иштта лела, стигалшкахь шайна кечдина долчуьнга шаьш сатуьйсуш долу дела. Цунах лаьцна хазачу кхоан билггал бакъдолчу дашехула хьалха а хезнера шуна.
Выбор основного перевода