Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Ткъа нагахь Дала леррина Къобалвинарг денвина вацахьара, шун тешар а эрна хир дара, шу а шайн къиношлахь хир дара. ТІаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чІагІонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХІунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара. Аса, ПахІала, боху шуьга: нагахь аша шаьш сунтдайтахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнгахьара цхьа а пайда хир бац шуна. И хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха бакъдар ду моьттуш долу шу, Дала леррина Къобалвинчух дІа а къаьстина, Дала луш долчу диканах девлла. Левин тІаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дІабелла), Малки-ЦІадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхІаронан даржехь а ца хуьлуш?
Выбор основного перевода