Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Къинан сагІина халкъана тІера бож юьйр ю цо, тІаккха цуьнан цІий а, старгІин цІий санна, кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу чоьне а даьхьна, негІарна тІе а, ворхІазза бартбаран тІорказна хьалха а тухур ду цо. Шен куьйгаш дийначу божан коьрта тІе а дехкина, цунна тІехь исраилхойн ерриг а харцонаш а, зуламаш а, къинош а дІадуьйцур ду цо, уьш цу божан коьрта чу а дуьллуш. Цул тІаьхьа ша билгалваьккхинчу стагаца яьссачу ара дІахьажор ю цо и бож. Стерчийн жижиг дууш ву ткъа Со, я бежалойн цІий молуш ву ткъа Со? «Стенца дІахІотта веза со Везачу Элана, стигалан Далла, хьалха, со Цунна Іамал ян веача? Шаре девлла эсий а далош, дийнаташ дагоран сагІанца дІахІотта те со Цунна хьалха? Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Іенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тІера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тІера?»
Выбор основного перевода