Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Исраилхойх я тІебаьхкина Іаш болчу нахах цхьаммо, ша аьрха хиларна, къа латадахь, цо Веза Эла емалво. И стаг шен къомана юкъара дІаваккха везаш ву, Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тІе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагІар а, шура а эца! Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. Цунна лаьа массо а адамаш кІелхьардовла а, царна билггал бакъдерг довза а. Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тІе кхеттарш, стигаларчу совгІатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш, Делан Дашо луш долу дика а, хин долчу дуьненан ницкъ а бевзинарш, тешарх дІа а къаьстина, юха а Далла тІеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тІе цхьаьнгге а бāхалур бац, хІунда аьлча цара юха а жІарах дІатуху Делан КІант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш. Кест-кеста шена тІедогІуш долу догІа дІа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду. Ткъа баьІаш а, къух а бен шена тІехь ца кхуьу латта Дала неІалт кхайкхорна герга ду. Чаккхенехь иза цІаро дагор ду.
Выбор основного перевода