Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Іийсан юьхь тІехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа Цунах тешна а ца Іаш, Цуьнан дуьхьа баланаш хьега дезар а делла шуна. Шу а, со а хаза кхаъ ларбархьама цхьатерра дикачу тІамехь ду. Шуна ма-гарра, хьалха а ас беш изза тІом бара. Ткъа хІинца, шуна ма-хаззара, со кхидІа а оццу тІамехь лаьтташ ву.
Выбор основного перевода