Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. ДІагІо, сан халкъ, хьайн хІусамаш чу а гІой, неІарш дІакъовла. Цхьана ханна къайладала, Делан оьгІазалла дІаяллалц. И хаам дІаязбе, хІунда аьлча Ас дІахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугІуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац. И хила доьлча, хьала а гІовттий, шайн кортош хьалаайа, хІунда аьлча шун кІелхьардахар герга кхаьчна».
Выбор основного перевода