Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дуткъачу кІадих йина еза коч тІеюха еза цо тІе, дуткъачу кІадих йина чухула юху хІума а, доьхка а, чалба а хила еза цунна тІехь. Уьш деза духарш ду, шен дегІ хица дила а дилина, юха еза цо уьш тІе. Ас шуна тІе цІена хин цинцаш деттар ду, тІаккха шайн мел йолчу боьхаллех цІан а лур ду шу. Шун массо а цІуйх Аса цІандийр ду шу. Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарца а, вайн Делан Синца а шу цІан а дина, даз а дина, бакъ а дина. Сан хьоме доттагІий! Дала вайна и ерриге а чІагІонаш йина дела, вешан догІмаш а, синош а бехдеш мел долчух цІанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дІало вай. Іийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тІекхочийла ду вайн. Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цІан а йина, иза язъярхьама а,
Выбор основного перевода