Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Деха соьга, тІаккха Ас лур ду хьуна тІаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц. Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий хьан когашка охьабахккалц». ХІунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагІий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц. Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агІор, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц»? Дерриг а цуьнан когашка охьадилли Ахьа». Дерригенна а тІехь цуьнга олалла дайтича, Дала цуьнан кара ца дерзош хІумма а ца дитина. Ткъа цкъачунна тхуна ца го дерриг а цуьнан карахь хилар.
Выбор основного перевода