Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
И хаам дІаязбе, хІунда аьлча Ас дІахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугІуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац. Хаам хІара бу: „Лакхара хьоьжучух лаьцна аьлча, цунна чохь догцІеналла яц. Ткъа Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву. И шиъ ара а ваьккхина, цо хаьттира: «Хьомсара элий, ас хІун дан деза? Муха кІелхьарвала веза со?» – аьлла. Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гІуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чІагІдалийта а, Делах тешаран гІуллакхна тІехь шун дегнаш иракарахІитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла. Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хІинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чІогІа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хІунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Іалашо: шайн кІелхьардовлар.
Выбор основного перевода