Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
хІунда аьлча мекара стаг дегаза хета Везачу Элана, ткъа Цо хама бо догцІена болчийн. И хаам дІаязбе, хІунда аьлча Ас дІахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугІуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац. Хаам хІара бу: „Лакхара хьоьжучух лаьцна аьлча, цунна чохь догцІеналла яц. Ткъа Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву. Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву». Ткъа товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хІунда аьлча: «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву».
Выбор основного перевода