Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо. Цундела боху шуьга: хІора латийначу къина, динчу Іесачу къамелана стаг дохковаьллачул тІаьхьа гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац. Ас боху шуьга: Цо, хьем ца беш, нийсоне кхочуьйтур бу уьш. Амма Адамийн КІант дуьнен чу веача, карор буй теша Цунна Шех тешаш болу нах?» Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тІехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тІе куьг айина“, – боху дешнаш. Уьш пхьор диъна бевлча, Цо, чагІаран кад схьа а эцна, элира: «Сан цІийца бинчу керлачу бертан кад бу хІара. Шаьш иза мосазза молу, Со дагалацархьама, иштта делаш». ХІунда аьлча нагахь санна цхьаммо, Дала леррина Къобалвинчун дегІ а ца лоруш, юуш а, молуш а елахь, иза шена кхелана юуш а, молуш а ву.
Выбор основного перевода