Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Къизаллица олалла а ма де цу стагана тІехь, хьайн Делах кхоьруш а хила. Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо. Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хІун ду а хьожуш делаш, хІунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар». Амма Цо баьччанашка озабезам а ца бо, ткъа хьалдерг къечух а ца къаставо, хІунда аьлча уьш берриш а Цуьнан куьйгаша кхоьллина бу. Кипа дийца волавелира: «ХІинца хаьа суна Дела билггала озабезам ца беш вуйла. Ярушалаймера тешаш болчу наха лоруш болчара а (уьш хьалха муьлш хиллехь а, суна-м бен а дац, хІунда аьлча Далла хьалха массо а адам цхьаъ а ду) сан хьехамна хІумма а тІе ца туьйхира. Леш, адамаш долчу шайн элашна массо а хІуманна тІехь муьтІахь хила. Царна шаьш гуш долчу хенахь там бина а ца Іаш, Везачу Элах кхоьруш а, догцІена а лела. Шаьш мел дийриг а доггах де, адамашна деш санна а доцуш, Везачу Элана деш санна. Дагахь латтаде, Шен халкъана лур ду аьлларг Везачу Эло совгІатна лур ду шуна. Дала леррина Къобалвинарг баккъалла а аша гІуллакх деш волу Эла ма ву. Ткъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таІзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода