Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Веза Эла! Схьаеллахьа сан бага, тІаккха цо Хьуна хастам кхайкхор бу. Іийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. ХІинца а, Веза Эла, хьажахьа цара туьйсучу кхераме. Тхуна, Хьайн ялхошна, ницкъ лохьа ерриге а майраллица Хьан дош кхайкхо, Тхайн иштта сатийсар долу дела, майрра къамел дан йиш ю тхан. шайна хезначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна кху дийне кхаччалц, хаза кхаъ дІасабаржор тІехь аша дакъалоцу дела. Со теша, шуна чохь и дика гІуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Іийса вогІун волу де тІекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла. Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гІуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу – со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чІагІбечу а хенахь а. Ткъа вуьш, шайна пайда лоьхуш а, шайн дог цІена цахиларца а, суна кхин а халонаш ян дагахь а лела, шаьш Дала леррина Къобалвинчух лаьцна дуьйцуш. Иштта тхуна тІера а доІанаш де Деле, Цуьнан дош дІакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дІайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дІакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь. Цундела шу ца гуш кхин са а ца тохаделла, тхаьш Атина-гІалахь севцира тхо.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода