Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Леш, адамаш долчу шайн элашна массо а хІуманна тІехь муьтІахь хила. Царна шаьш гуш долчу хенахь там бина а ца Іаш, Везачу Элах кхоьруш а, догцІена а лела. Шаьш мел дийриг а доггах де, адамашна деш санна а доцуш, Везачу Элана деш санна. Дагахь латтаде, Шен халкъана лур ду аьлларг Везачу Эло совгІатна лур ду шуна. Дала леррина Къобалвинарг баккъалла а аша гІуллакх деш волу Эла ма ву. Ткъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таІзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо. Хаьа суна, сан Дела, Ахьа тхан дегнаш зуьйш хилар а, Хьуна цІена дегнаш дезаш хилар а. Аса и дерриге а сайн цІеначу даггара сагІина деана. Ткъа хІинца кхузахь долчу халкъо хазахетарца Хьуна сагІа дар го суна.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода