Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Ахьа шега аьлларг цо дІаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Іамор ду шуна аша дан дезарг. Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. Сан маттах ира тур дина Цо, Шен куьйган ІиндагІехь Со Іалаш а вина. Сох ирбина пха бина Цо, Шен Іад-батта чохь Со лар а вина. Цундела пайхамарашкахула Аса шун дог дохадора. Сайн багарчу дешнашца еттара Аса шуна. Аса еш йолу кхел, схьакхета малх санна, билггала ю. Цул тІаьхьа Делан Сино Іийса яьссачу аренга дІавигира, иблисе Иза зейта. Шовзткъа де-буьйса марха кхобуш дІадаьлча, Иза чІогІа мацвелла хьаьвзира. Иблисо, Цунна тІе а дахана, элира: «Хьо Делан КІант велахь, хьуьлла Іохкуш долчу тІулгашна тІедожаде, бепиг хила алий». Іийсас жоп делира: «Делан Йозанна тІехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хІора дош ду“». ТІаккха иблисо, Іийса езачу Ярушалайм-гІала а вигина, Делан цІийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КІант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тІехь дІахьур ву хьо, хьан ког тІулгах а ца тасаболуьйтуш“». Іийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гІерта“». ТІаккха иблисо валийра Іийса боккхачу лам тІе. Цу буьххьера цо гайтира кху дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш а, церан исбаьхьа хилар а. «И Хьуна гуш мел дерг аса Хьуна дІалур ду, Ахьа суна, Далла санна, гора а хІоьттина, Іибадат дахь!» Іийсас элира: «ДІадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“» Иблис Іийсана тІаьхьара дІадаьлча, Иза волчу маликаш схьагулделира, Цунна гІуллакх а деш. Ткъа вай серлонан кІентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гІагІ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кІелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гІем а йина, кхетамехь хила деза. Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агІор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьІахкех тІум а дІа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода