Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Сема а хилалаш, доІа деш а хилалаш, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта. Са сема ду, ткъа дилха эгІаза ду». Гуттар а доІанаш деш, догйовха хилийтархьама, Іийсас Шен мурдашна цхьа хьекъале хІума дийцира: Шуна массарна тІера айса мел до доІа даим хазахетарца до аса, ХІунда аьлча суна хаьа, и дерриг а шун доІанашца а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Синан гІоьнца а со паргІатвалийта суна диканна дуйла. Сема а долуш, Далла баркалла а олуш, леррина доІанаш делаш. Иштта тхуна тІера а доІанаш де Деле, Цуьнан дош дІакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дІайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дІакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь. даим а доІанаш деш а хилалаш, массо а хІуманна Далла хастам а белаш, хІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь долчу шух лаьцна Делан иштта лаам болу дела.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода