Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. ЧІогІа а, къонахалла йолуш а хила. ХІокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь. Шу сема хилалаш, шайн тешарехь чІагІлой Іелаш, доьналла долуш а, майрра а латталаш. Шун дегнашна тІера пардо дІадоккхийла Цо, шу тІекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хІун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ Ас доІа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чІагІбар доьхуш. Ас яздина шуьга, сан динан бераш, стигалара Да шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, къонахошка, шу доьналла долуш долу дела а, Делан Дош шун даг чохь лаьтташ долу дела а, иблисал шу тоьлла долу дела а.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода