Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Аса ИбрахІим хаьржина, цуьнга весет дайтархьама шен берашка а, тІаьхьенашка а, Везачу Элана ма-лаъара, нийсонца а, хьанал а даха аьлла. ТІаккха Везачу Эло Ша дийр ду аьлларг дерриг а дийр ду цунна». Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цІенош чохь хевшина Іаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дІадуьйшуш а, хьалагІовттуш а. Нагахь санна тІейогІучу заманахь шун бераша шайга хаттахь: „ХІун маьІна ду вайн Везачу Дала вайна тІебехкинчу оцу сацамийн а, парзийн а, хьехамийн а?“ аш цаьрга иштта дІаала: „Вай Мисар-махкахь пирІунан леш дара, амма Везачу Эло вай арадехира Шен ондачу куьйгаца. ТІаккха вайн бІаьргашна хьалха Везачу Эло тамашийна гІуллакхаш а, Іадоран билгалонаш а гайтира Мисаран халкъана а, пирІунна а, цуьнан массо цІенна а тІехь. Ткъа Везачу Эло вай цигара ара а дехира, дІа а дигира, вайн дайшна чІагІо а еш, лур ду аьлла долу латта вайна схьадалархьама. Дерриг а и парзаш кхочушдан а, вайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила а тІедиллира вайна Везачу Эло, массо а заманахь вай дика хилийтархьама а, тахана санна, вай дийна дисийтархьама а. Нагахь санна вайн Везачу Далла хьалха, и дерриг а весеташ, Цо вайна тІе-ма-диллара, леррина кхочуш а деш, вай лелахь, иза Далла тамехь хир ду“».
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода