Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Нийсо цуьнан хенаш тІера доьхка санна хир ю, тешаме хилар цуьнан юкъах долу доьхка хир ду. Цо Шена тІе, гІагІ санна, бакъдерг диллира, Шен коьрта тІе кІелхьардаккхаран гІем а тиллира, бекхаман оба, бедар санна, тІеоьллира, дог иракарахІотторца Шен дегІ хьулдира. «Юкъ а ехкий, гуттар а гІуллакх дан кийча хила, шайн стогарш а латийна хилийта, Ткъа вай серлонан кІентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гІагІ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кІелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гІем а йина, кхетамехь хила деза. Сема а, дечу гІуллакхна гуттар а кийча а хуьлда шун кхетам. Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу дийнахь Делан шуьга болу безам бахьана долуш шайна лун долчуьнца боьзна хилийта шайн берриг а сатийсамаш.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода