Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
ГІала яссаелла ю, гІалин ков а доьхна Іуьллуш ду. Цо аьллачунна дуьхьал Іийсас жоп делира: «Декъал хилла хьо, ШамІа, Юнин кІант, хІунда аьлча хьуна иза нахера ца хиъна, стигалахь волчу Сан Дегара хиъна. Везачу Эло элира: «Ва ШамІа! Иблис шу, кІа санна, дІасакхийсина хила лууш ду, Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хІунда аьлча кху дуьненан эла схьавогІу, ткъа цуьнан Суна тІехь олалла дац. Со теша, я Іожалло, я дахаро, я маликаша, я жинаша, я цхьана а долуш долчо, я цхьана а хиндолчо, я цхьана а ницкъаша, Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хІуманна тІехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дІадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама. Цхьана хенахь, и къинош тІехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тІедевлла а, хІаваан ницкъийн элана тІаьхьахІиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хІинца а муьтІахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо. ХІунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гІуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Іаш а дац. Сан а ма яра, сайн дилханах а тешна, Іен йиш. Нагахь санна кхин цхьа стаг, шен адаман дилханах а тешна, Іен дагахь велахь, сан цуьнан йолчул а сов бакъо хилар билггал бакъду.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода