Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дийнатан цІий Суна сагІина даьккхича, совсийна бепиг Суна сагІина ма даккха, ткъа Пасахьан сагІа Іуьйренга ма далийта. Иштта болчара а шолгІачу беттан дейтталгІачу дийнахь суьйранна кхочушдан деза и гІуллакх. СагІина беана Іахар совсазчу баьпкаца а, къаьхьачу бецашца а баа беза цара. Іуьйре хилале цунах хІумма а ма дита, цуьнан даьІахкаш а кег ма е. Пасахьах лаьцна массо а тІедехкинчу парзашка хьаьжжина, кхочушдан деза исраилхоша и гІуллакх. Цуьнан жижигца совсийна хІума ма яалаш. ВорхІ дийнахь совсоза баьпкаш даалаш цуьнца, баланийн долу баьпкаш, хІунда аьлча шу сиха арадевллера Мисар-махкара. Даалаш и баьпкаш, дуьнен чохь шу мел деха шаьш арадовлар шайна диц ца далийта. Шун Везачу Дала къастор йолчу оцу меттехь дийнатан жижиг кхехка а делаш, иза даа а даалаш. Ткъа шолгІачу дийнахь шайн четарш чу юхадерза йиш ю шун.
Выбор основного перевода