Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу гІуллакхашна тІедиллинарг цхьаъ хир ду шуна тІевеанчунна а, махкахочунна а, хІунда аьлча Со шун Веза Дела ву“». Халкъан доллу парзаш ду шуна а, шуна тІевеана Іаш волчунна а цхьатерра тІедехкина. Шуна а, шун мел йолчу тІаьхьенна а тІедиллина ду уьш гуттаренна а. Везачу Элана гергахь шу а, шуна тІебаьхкинарш а – цхьаъ ду. Цхьатерра товрат-хьехамаш а, тІедехкинарш а хир ду шуна а, шуна юкъахь вехаш волчу тІевеанчунна а тІедехкина“». Цхьатерра болу товрат-хьехам шуна юкъахь лелар бу Исраил-халкъах схьабевлла болчу бахархошна юкъахь а, тІебаьхкина Іаш болчарна а, нагахь цара, ца хууш гІалат а бевлла, къа латадахь. Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргІатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду.
Выбор основного перевода