Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа ша цІена воллушехь я генарчу новкъа ваьлла воццушехь, Пасахьан дезде даз ца динарг шен халкъана юкъара дІавоккхур ву, цо шен хеннахь Везачу Элана лерина сагІа ца даккхарна. Иштта волу стаг ша летийначу къинна жоьпе озор ву. Шуна юкъахь Іаш тІевеана стаг велахь, ткъа цунна а Везачу Элана лерина Пасахьан дезде даздан лаахь, цо и гІуллакх, Пасахьан парзаш а, цуьнан тІедехкинарш а лар а деш, кхочушдан деза. Шун массеран а цхьатерра парзаш хила деза – тІевеанчу стеган а, шен схьавалар исраилхойх волчуьнан а“».
Выбор основного перевода