Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха цунна уллорачара элира пирІуне: «И халкъ бахьана долуш кхин мел бала хьега деза вай? ДІахецахьа уьш шайн Везачу Далла Іибадат дан. Хьуна ца го, берриг а Мисар-мохк хІаллакьхуьлуш хилар?» Везачу Эло Мусага элира: «Кхин цхьа бохам а хуьлуьйтур бу Ас пирІунна а, мисархошна а. Цул тІаьхьа цо шу дІахоьцур ду. Цу хенахь цо шу дерриш Мисар-махкара сихонца дІалохкур ду. ТІаккха хьан берриш а леш, тІе а баьхкина, суна хьалха охьатаьІар бу. Цара эр ду: „Хьайн халкъ а эций, дІагІо“. Цул тІаьхьа со дІагІур ву». ПирІун волчуьра, чІогІа оьгІаз а вахана, аравелира Муса. Новкъахь Мисарара схьабахьачу бедах совсаза хьокхамаш дира цара. Сихонца цу махкара арабевлла дела, церан бод ца севсинера, шайна новкъа довлуш яа хІума кечъян а ца кхиънера уьш. Церан арадовларх даккхийдеш дара Мисар-махкара халкъ, исраилхойх болу кхерам царна тесна болу дела.
Выбор основного перевода