Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Да а, вежарий а Мисарахь баха ховшийра Юсупа, царна РаІамсас олучу гІалина уллохь тоьлла латта а делла, пирІуно шена тІе-ма-диллара. Багарбинарш ткъа шарал тІехбевлларш бара, уьш ялх бІе кхо эзар пхи бІе шовзткъе итт стаг хилира. Царах хІораммо а ах шекхал дети деара, дезачу шекхалан барамехь узуш. Царах багарбинчарна юкъаваханарг вара ялх бІе кхо эзар пхи бІе шовзткъе итт стаг (603550). Мусас элира: «Ялх бІе эзар гІашло ву цу халкъана юкъахь, ткъа Ахь боху: „Ас царна жижиг лур ду цхьана баттахь даъал!“ РаІамсас-гІалара уьш арабевлира хьалхарчу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь, Пасахьан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь. Мисар-махкарчу массо а халкъана а гуш, майрра новкъа бевлира исраилхой. Цу хенахь Везачу Эло хІаллакбина болу шайн берриге а хьалха дуьнен чу бевлларш дІабухкуш бара мисархой. Иштта кхел йинера Везачу Эло церан деланашна.
Выбор основного перевода