Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И Іахар буун болчу цІеношкахь неІаран гуран шинне агІор а, неІаран дукъо тІе а Іахаран цІий хьакха. Ткъа цІена болчех цхьаммо, ярийн курс а эцна, иза цу хи чу а Іоьттина, четар тІе а, цу чохь хиллачу пхьегІашна а, адамашна а тІе а хин цинцаш тоха деза. Изза дан деза деллачу адаман даьІахкех, я тІамехь вийначух, я ша дІакхелхинчух, я кошах дІахьакхавеллачу муьлххачунна а. Товрат-хьехам тІера парзаш дерриг а халкъана хьалха дІа а дешна, хица эдина долу эсийн а, гезарийн а цІий а, цІен тІаргІа а, ярийн курс а, схьа а эцна, товрат-хьехаман тептарна а, халкъана а тІе цинцаш туьйхира Мусас.
Выбор основного перевода