Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІаала берриг а исраилхошка: хІокху беттан уьтталгІачу дийнахь хІораммо а цхьацца Іахар я буьхьиг эца шен доьзална. И кхача буучу хенахь шу тІе хІума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХІума сихонца яа еза аш. Некъан Іаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ду. Мусас Исраилан халкъе дІахаийтира Пасахьан дезде даздан дезар. Тешар хиларна, нахе Пасахьан деза де кхочушдайтира цо, цІийн цинцаш неІаран гурашна тІе а деттийтира цо, исраилхойн дуьххьара хилла бераш мулкалмоте хІаллак ца дайта.
Выбор основного перевода