Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кху беттан дейтталгІа де тІекхаччалц иза Іалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тІебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Іахар бен беза. Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хІунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тІаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тІедиллина долу дела. Куьйга тІе йихкина хІума санна хуьлийла иза хьуна, хьетІехь йина йолу билгало санна, хуьлийла. Цу дезачу дийно дагахь латтор ду хьуна Везачу Элан хьехамах ахь дуьйцуш хила дезар, хІунда аьлча Шен боккхачу ницкъаца Везачу Эло хьо Мисарара араваьккхина. ХІора шарахь а и дезде билгалдаьккхинчу дийнахь, лара а лоруш, дІакхехьа. ТІаккха Юши-ЯхІу-паччахьо халкъе омра дира. Цо элира: «Везачу Эло тхоьца бинчу оцу бертан тептар тІехь яздина ма-дарра, дазде аша шайн Везачу Далла лерина долу „Пасахьан“ деза де».
Выбор основного перевода