Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас боху хьоьга: ‘ДІахеца Сан кІант, иза Суна Іибадат дан дезаш ву. Ахь иза дІа ца хецна дела, Ас хьан дуьххьарлера кІант вуьйр ву’“». ШолгІачу дийнахь Ша аьлларг кхочушдира Везачу Эло. Мисархойн дерриг а бежанаш делира, ткъа исраилхойн цхьана а хьайбанна хІумма а ца хилира. Мусас пирІуне элира: «Везачу Эло боху: „Буьйса юккъе яхача, Со Мисарахула чекхвер ву. Мисар-махкахь хІорра а дуьххьарлера кІант лийр ву, паччахьан гІанта тІехь Іаш волчу пирІунан кІантана тІера кІа оруш йолчу гІарбашан кІантана тІекхаччалц. Даьхних а хьалха дуьнен тІе даьлла боьрша хьайба лийр ду. Цу хенахь Везачу Эло хІаллакбина болу шайн берриге а хьалха дуьнен чу бевлларш дІабухкуш бара мисархой. Иштта кхел йинера Везачу Эло церан деланашна. Мисар-махкахь Цо массо а хьалха вина доьзалхо валийтира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтург Хьамин четаршна чохь хІаллакбира. Цул тІаьхьа Цо массо а хьалха вина доьзалхо хІаллаквира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтурш байина дІабехира. Кхел ечу хенахь дика дац Іесачу стагана озабезам гайтар, и хІума дарца хьаналчу стагана нийса кхел ца йойтуш. Хьал долчун бахам чІагІйина гІала санна хуьлу цунна. И бахам шена гонах хІоттийна боккха пен санна хета цунна.
Выбор основного перевода