Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Аса таІзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тІаьхьа хьан тІаьхьенах болу нах цу махкара дІагІур бу, дуккха а хьал а эцна. Мисархой исраилхошца дика хуьлуьйтур бу Ас, тІаккха шу цу махкара дІадоьлхуш даьсса гІур дац. ХІора исраилхойн зудчо шен лулахочуьнгара я шен чохь Іаш йолчу мисархойн зудчуьнгара дашо а, дато а хІума а, еза тІеюху хІума а еха еза. Цу хІуманашца шайн бераш кечде. Иштта аша Мисарара хьал дІахьур ду». Везачу Эло мисархой Шен халкъана реза бира. Ткъа Муса пирІунан уллорачара а, мисархоша а шайн махкахь чІогІа лоруш вара. ТІаккха Шен халкъ Мисар-махкара арадаьккхира Цо, деших а, детих а йина хІуманаш цара дІаяьхьира, Цуьнан долахь долчу тайпанех цхьанна а стеган ког а ца тасабелира.
Выбор основного перевода