Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Берриш а гІур бу, – жоп делира Мусас, – жима а, воккха а. Тхайн кІентий а, йоІарий а, тхайн кегий а, даккхий а даьхни а эцна гІур ду тхо, хІунда аьлча Везачу Элана лерина деза де ду тхан». ПирІуно элира: «Шун бераш шуьца дІадахийта со резавелахь, Волуш Волу Дела билггала шуьца хир ву! Гой шуна, вон хІума ду шуна дагахь. Цундела берриш а ас бохуьйтур бац. Божарша, баха а гІой, Везачу Элана гІуллакх де, шаьш соьга иза ма-деххара». Цул тІаьхьа Мусай, АхІаронний пирІун волчуьра араваьккхира. Мусага тІе а кхайкхина, пирІуно элира: «Даха а гІой, Везачу Элана Іибадат де. Шайн бераш а дига шайца, амма кегий а, даккхий а даьхни ца дуьгуш, бухахь дита». Оха тхайн дерриг а тхешан даьхни дІадуьгур ду, цхьа берг буха а ца юьтуш, хІунда аьлча цу юккъера ду оха тхешан Везачу Далла даккха дезаш долу сагІа. Тхаьш цига дІакхаччалц тхуна ца хаьа, Везачу Элана сагІина хІун хьайба ден деза».
Выбор основного перевода