Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царах схьабевлларш къаьмнашна юкъахь бевзаш хир бу, ткъа церан тІаьхье халкъашна юкъахь евзаш хир ю. Уьш мел гуш болчарна хуур ду, Везачу Эло декъалдина халкъ иза дуйла». Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тІе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тІаьхьенашка. ХІунда аьлча хьо аьтту а, аьрру а агІор дІасаяьржар ю. Хьан тІаьхьенах болчара халкъаш карадерзор ду, яссийна церан гІаланаш хьалаюзур ю. Цара эрна къа а хьоьгур дац, шайна баланна бераш а дийр дац, хІунда аьлча уьш а, цаьрца цхьаьна церан тІаьхьенаш а Везачу Эло декъалдина халкъ хир ду. Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неІалт а кхайкхош, ЯхІудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хІинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чІагІлойла шун куьйгаш!“
Выбор основного перевода