Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан долахь болу паччахьийн йоІарий лараме болчу зударшна юкъахь бу хьан. Апар-махкара шена тІехь деши а долуш, нускал ду хьуна аьтту агІор дІахІоьттина. Цу дийнахь вайн къомо эр ду: «Хьо хаставо оха, Веза Эла. Хьо тхуна оьгІазвахана хиллехь а, Хьайн оьгІазалла дІаяьккхина, Ахь тхуна синтем белла. Дела ву тхо кІелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Іаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хІуманах, хІунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кІелхьардаьхна дела. Ас элира: «Эрна къахьегна ас! Сайн ницкъ пайдабоцуш кхачийна ас. ХІетте а, суна кхочург Везачу Элера хир ду, суна доггІург сан Делера хир ду». Хьайн корта хьала а айий, гонах дІасахьажа. Берриг а хьан кІентий, гул а белла, хьо йолчу цІа боьрзуш бу! Дийна волчу Сох чІагІо йо Ас, – боху Везачу Эло, – зудчун туьтеш санна, цаьрца массаьрца а хазлур ю хьо, нускалан хаза духар санна, уьш хир бу хьуна. Цо Шена тІе, гІагІ санна, бакъдерг диллира, Шен коьрта тІе кІелхьардаккхаран гІем а тиллира, бекхаман оба, бедар санна, тІеоьллира, дог иракарахІотторца Шен дегІ хьулдира. тІаккха а Везачу Элах воккхавийр ву со, суо кІелхьарвоккхучу Делах сакъералуш хир ву со. Малико, жоп а луш, шена хьалха лаьттачаьрга иштта элира: «ДІаяха цунна тІера боьха бедарш». Ткъа ЮшаІе иштта элира: «Хьажал, хьуна тІера къа дІа а даьккхина, ас хьуна тІе хаза духарш духур ду». Паччахь уьш болчу араваьлча, хьешашна юкъахь цунна гира цхьа стаг, тІехь тойне воьдуш юхуш йолу бедарш а йоцуш. Паччахьо цуьнга хаьттира: „ХІей къонах, хьо муха кхаьчна кхуза цу бедаршца?“ Важа вист ца хилла. ТІаккха Марема элира: «Сан даго къобалво Веза Эла, Цо цІена а, лепаш долчу а дуткъачу кІадинан коч тІеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кІади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гІуллакхаш бохург ду.) ТІаккха суна гира Делан гІала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогІу керла Ярушалайм-гІала яра иза.
Выбор основного перевода