Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьмнаша адамашна беркат дохьийла, гунаша царна нийсо йохьийла. Тешаме хилар лаьттара хьаладер ду, нийсо стигалара схьа охьахьоьжур ю. Лакхахь йолу стигалаш, хин тІадамаш санна, мархаш, догІа санна, нийсо яийтийша охьа. Лаьтто, дІаса а делладелла, кІелхьардовлар кхиадайта, цуьнца цхьаьна нийсо а хьалаялийта! Ас, Везачу Эло, кхоьллина иза». Сайх чІагІо йо Ас, Сан багара схьадолург бакъ ду, Ас аьлла дош хийцалур дац: хІора а адам Суна хьалха горахІуттур ду, ткъа хІора маттахь Со къобалвина хир ву. Сох лаьцна дуьйцур ду: „Везачу Элехь ю нийсо а, ницкъ а“, – бохуш. Цунна тІе а баьхкина, юьхьІаьржачу хІиттина хир бу Цунна дуьхьалбевлла лелларш. ДогІа а, ло а, стигалара охьа а догІий, цара латта даша а дой, цу тІехь хьаладолург кхуьуьйту, ялта дІадуьйш волчунна хІу а, юуш волчунна юург а хуьлуьйтуш. ТІаккха бен уьш стигала юха ца доьрзу. Ницкъбар кхин хир дац хьан лаьтта тІехь, дохор а, хІаллакдар а – хьан дозанашкахь. Хьайн пенех ахь КІелхьарвалар эр ду, ткъа хьайн кевнах – Хастам.
Выбор основного перевода