Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къаьмнаша исраилхошна гІо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тІаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тІехь, леш а, гІарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хІинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гІело йиначарна тІехь цара хІинца олалла дийр ду. Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гІуллакх дийр ду. Со оьгІазвахча, Ас таІзар дора хьуна, амма хІинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со. Халкъаша а, паччахьаша а юзор ю хьо, нанас дакхош долу бер санна. Хьуна хуур ду Веза Эла волу Со, хьо КІелхьарйоккхург а, хьо мах баларца ПаргІатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла.
Выбор основного перевода