Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху: «Со реза хуьлучу хенахь Аса жоп лур ду хьуна, Хьо кІелхьарвоккху хан тІееача, гІо дийр ду хьуна. Ас Іалаш а, лар а вийр ву Хьо, Хьоьгахула Ас халкъаца барт бийр бу, латта меттахІотто а, дассаделла дакъош юха шун долахь хилийта а, Хьан халкъо юхаметтахІиттор ю шира херцораш, юха а дІахІиттор ду дуккха а тІаьхьенаша дитина цІенойн баххаш. Хьох пенаш тодеш верг а, херцийна урамаш, цигахь Іархьама, юхаметтахІиттош верг а эр ду». Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шайн мел долчу къинойх Ас шу цІандийр долчу дийнахь, шайн гІаланашкахь нах юха охьаховшор а бу, йохийна йолу шун меттигаш юхаметтахІиттийна а хир ю. Дассийна хилла долу шун латта юха а ялта луш дІахІуттур ду, тІехбуьйлуш мел лелачарна хьалха кхин яьсса аре хилла а ца лаьтташ. Ас Сайн халкъ йийсарера шен лаьтта тІе юхадерзор ду. Яссийначу гІаланашкахь гІишлош а йина, царна чохь баха охьаховшор бу уьш. Кемсийн бошмаш а йоьгІна, царах даьккхина мутта а муьйлур ду, бошмаш а кхиийна, царах бевлла стоьмаш а буур бу цара.
Выбор основного перевода