Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта». ТІаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХІордан хьал хьан карадогІур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тІе доьрзур ду. Хьан кевнаш гуттар а диллина хир ду, уьш дийнахь а, буса а дІакъовлур дац, халкъийн хьал хьуна чудаийта а, церан паччахьаш схьабалабайта а. Халкъаша а, паччахьаша а юзор ю хьо, нанас дакхош долу бер санна. Хьуна хуур ду Веза Эла волу Со, хьо КІелхьарйоккхург а, хьо мах баларца ПаргІатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла. Царах схьаоьцур бу Ас динан дай а, левихой а бан нах», – боху Везачу Эло. тІаккха Сан ялхо волчу Даудаца бина барт бохалур бара, цуьнан тІаьхьенах кхин цхьа а паччахь ца хуьлуьйтуш, иштта левихошца Аса бина барт а бохалур бара, шайна юкъара Суна гІуллакх деш болу динан дай ца хуьлуьйтуш. Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гІуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама. Цо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гІуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тІейогІучу заманна. Амин. Халкъийн хьал а, хазна а цу гІали чу яхьар ю.
Выбор основного перевода