Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шовзткъе уьтталгІа шо къобал а де, шайн махкахь Іаш мел волу стаг паргІат а ваккха. МеттахІотторан шо ду алий, кхайкхаде и шо. ХІора а шен доьзалан долахь хиллачу лаьтта тІе а, шен тайпане а кхача. «Везачу Элан Са дагца ду сан, хІунда аьлча Цо со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо со хаам бан ваийтина: чубоьхкинарш паргІат а бохур бу, бІаьрзечарна серло а лур ю. Со ваийтина ву Іазапехь берш мукъабаха, Везачу Эло Ша нахана дика болх бен йолу хан дІахаийта». Нийсо а езаш, харцо ца еза хьуна, цундела Дала къобалвина хьо, хьан Дала хьан накъосташна чул а хьуна алссам хазахетар делла. Дог доьхначарна дарба деш ву Иза, церан чевнаш йоьхкуш ву. Везачу Элан Са цунна тІехь Іийр ду. Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу, Цо хьехам а, ницкъ а лур бу, Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву, Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву. «ХІара Сан Ялхо ву, Ас чІагІвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тІе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю. Хьоьга бІаьрзечарна са гайтийтархьама а, тутмакхаш набахтера арабахийтархьама а, боданехь Іаш берш серлонга бахийтархьама а. ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. бІаьрзечарна бІаьрса ло, астагІнаш нийса дІалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цІанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо.
Выбор основного перевода