Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло бекхам баран де а, мостагІех акхаран шо а билгалдаьккхира. Цийонан гІуллакх лардийр ду Цо. Везачу Эло боху: «Со реза хуьлучу хенахь Аса жоп лур ду хьуна, Хьо кІелхьарвоккху хан тІееача, гІо дийр ду хьуна. Ас Іалаш а, лар а вийр ву Хьо, Хьоьгахула Ас халкъаца барт бийр бу, латта меттахІотто а, дассаделла дакъош юха шун долахь хилийта а, Суна гина цуьнан некъаш, амма Ас тодийр ду иза. Ас иза дІа а лелор ду, халкъах гІайгІа ечарна синтем а бийр бу. Бекхаман де Сан даг чохь дара, Ас чІир екхаран шо тІекхаьчна. Декъалбина бу боьлхуш берш – церан дог оьцур ду. Дала декъаладо шу, хІинца меца дерш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь дуьзна хир ду шу. Дала декъаладо шу, хІинца доьлхуш дерш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь доьлур ду шу.
Выбор основного перевода