Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь, Хьан аьтту агІор со леларна, абаденналц а там суна хуьлуьйту. ДІаала Ярушалайме эсала, дІахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дІабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таІзар тІеэцна цо дерриг а шен къинойх». Кхера ма кхера – кхин юьхьІаьржачу хІуттур яц хьо. Эхь хеташ ма хила – кхин аьшнаш йийр яц хьо. Хьайн жимачу хенахь юьхьІаьржачу хІоттар дицлур ду хьуна, хьайн йисина Іаш сий дайна хилар дага а догІур дац хьуна. Хьо дІатесна а, ца езаш а, цхьа а хьуна чухула чекх а ца волуш хиларан метта, Ас йийр ю хьох гуттаренна а исбаьхьалла а, тІаьхьенашкара тІаьхьенашка хазахетар а долу гІала. Юхадерза шайн гІопана тІе, сатуьйсу йийсархой! Тахана Ас дІакхайкхадо, Ас шу хьалхачул шозза алсам декъалдийр ду.
Выбор основного перевода