Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тІехьа хІоьттира, тІаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бІогІам а нахана тІехьа хІоьттира. Хьан дахар делкъенан малхал къегар дара, боданах Іуьйренан серло хир яра. Цо, серло санна, хьан бакъдерг а гучудоккхур ду, дийнан делкъе санна, хьан нийсо а гучуйоккхур ю. Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхІазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхІ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дІа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь. Амма шу меллаша девр ду ара, дІадовдур дац, хІунда аьлча Веза Эла гІур ву шуна хьалхаваьлла. Исраилан халкъан Веза Дела хир ву, шу лардеш, шуна тІаьхьаваьлла вогІуш. доллучу синца мецачунна яа хІума а лахь, гІело ловш волчун дог а эцахь, тІаккха хьан серло кхетар ю боданехь, хьан бода делкъе санна хир бу. Цийонан дуьхьа дІасоцур вац со, Ярушалайман дуьхьа тийна Іийр вац, цуьнан нийсо, Іуьйренан серло санна, гІатталц, цуьнан кІелхьаръялар, хаьштиг санна, серлаяллалц. Аса хьуна могушалла юхалур ю, хьан чевнаш а тойийр ю, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча хьан мостагІаша боху: „Цийон юхатеттина ма ю, цунах цхьаммо а гІайгІа ма ца бо“».
Выбор основного перевода