Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха, нахана юкъара божарий а, церан зударий а, шайн хьалдолчу гергарчу яхІудхошна реза боцуш, даккхий аьрзнаш дан буьйлабелира. Царах цхьаболчара бохура: «Тхан дукха бераш хиларна, оха кІа эца деза, хІума яархьама а, дийна дисархьама а». Цхьаццаболчара бохура: «Тхо тхайн кхаш а, кемсийн бошмаш а, тхайн цІенош а закъалтан метта дІаяла дезаш ду, мацалла тІееача, тхайна кІа эцархьама». Ткъа вукхара бохура: «Оха нахера юхалург ахча эца дезара, тхайн кхашна а, кемсийн бошмашна а тІера паччахьна ял дІаялархьама. Тхо схьадевлла къам тхан вежарий схьабевлларг ду. Тхан кІентий а церан кІентий санна дика бу. Амма тхо тхайн кІентий а, йоІарий а лолла дІадала дезаш ду. Цхьадолу тхан зудабераш хІинца а лоллехь делахь а, тхан йиш яц уьш паргІатбаха, хІунда аьлча тхан кхаш а, кемсийн бошмаш а кхечеран карахь ю». Церан хамталла а, цара дуьйцург а сайна хезча, со чІогІа оьгІазвахара. Цунах лаьцна сан дага чохь дикка ойла а йина, лоруш болчу нахана а, куьйгалхошна а тІе бехк биллира ас: «Шайн къомах волчунна юхалург деллачу ахчанна тІера ял йоккху аша!» – аьлла. Цара лелийначунна дуьхьал цхьана боккхачу гуламе нах схьакхайкхира аса. Цаьрга ас элира: «Вайн вежарий болу яхІудхой кхечу къаьмнашна боьхкина бара. Вай ма-хуьллу уьш мах белла юха схьабаха гІерташ лийлира. Ткъа шу юха а уьш леш санна шайн къомах болчарна бухкуьйтуш ду!» Тхьамданаш, ала хІума а доцуш, лаьтташ бара. Ткъа аса юха а цаьрга элира: «Аша дийриг нийса дац. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, дахарехь лела ца деза шу, вайн мостагІий болчу кхечу къаьмнех берш вайх ца кхардийтархьама?! Аша санна, аса а, сан вежарша а, соьца цхьаьна болчара а цаьрга юхалург ахча а, кІа а лора. Ткъа хІинца дерриг а декхарх уьш паргІатбаха вай. Аша хІинццехь церан кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, цІенош а царна юхадерзо деза. Иштта юхаяла еза шаьш цаьргара ахчанна а, кІена а, чагІарна а, зайтдаьттанна а тІера яьккхина йолу ял а!» ТІаккха хьал долуш болчу наха а, хьаькамаша а элира: «Оха массо хІума а царна юхалур ду, кхин цаьргара хІума а йоккхур яц. Ахьа аьлларг кхочушдийр ду оха». ТІаккха аса динан дайшка схьакхайкхира. Аса хьал долуш болчу нахе а, хьаькамашка а Далла хьалха чІагІо яйтира, уьш шаьш аьллачунна тІера бевр бац аьлла. Массо а ницкъийн Везачу Эло цу дийнахь делха а, латкъам бе а, месаш дІахедае а, шайна тІе сингаттаман барзакъ духа а бохура шуьга. Амма шу самукъадаьлла а, даккхийдеш а дара! Шу, стерчий а, уьстагІий а дойуш, жижиг дууш а, чагІар молуш а дара. «Юушший, молушший Іей вай, кхана вай лийр долу дела» – бохура аша. ЦІастанан метта, Ас деши дахьар ду хьуна, эчиган метта, дети а, дечиган метта, цІаста а, тІулгийн метта, эчиг а дахьар ду. Машар хир бу хьан куьйгалхо, нийсо хир ю хьан тІехьожург. Аша элира: „Далла гІуллакх дар эрна ду. ХІун пайда бу Цо тІедехкина декхарш вай кхочушдаран, массо а ницкъийн Везачу Элана хьалха вай сингаттаман духарш лелоран? «Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хІунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дІагайта гІерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогІуш йолу ял дІакхаьчна шуна. Юха цара элира Іийсага: «Яхьъян мурдаш кест-кеста марха кхобуш а, ламаз деш а бу, иштта бу парушхойн мурдаш а, ткъа Хьан мурдаш дууш а, молуш а бу». КІирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тІедогІучу хьолах уьтталгІа дакъа нахана сагІина а ло ас“, – бохуш.
Выбор основного перевода