Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кехаташ тІехь цо иштта яздора: «Марха а лаций, халкъана юкъа баьрчче охьахааве Набути. Цара, марха а лаьцна, халкъана юкъахь баьрчче охьахаийра Набути. ТІаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира». Цара Набути гІалара ара а ваьккхина, цунна тІе тІулгаш а кхиссина, иза вийра. Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дІаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза! Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагІий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тІаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хІунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца.
Выбор основного перевода