Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аша санна, аса а, сан вежарша а, соьца цхьаьна болчара а цаьрга юхалург ахча а, кІа а лора. Ткъа хІинца дерриг а декхарх уьш паргІатбаха вай. Аша хІинццехь церан кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, цІенош а царна юхадерзо деза. Иштта юхаяла еза шаьш цаьргара ахчанна а, кІена а, чагІарна а, зайтдаьттанна а тІера яьккхина йолу ял а!» ТІаккха хьал долуш болчу наха а, хьаькамаша а элира: «Оха массо хІума а царна юхалур ду, кхин цаьргара хІума а йоккхур яц. Ахьа аьлларг кхочушдийр ду оха». ТІаккха аса динан дайшка схьакхайкхира. Аса хьал долуш болчу нахе а, хьаькамашка а Далла хьалха чІагІо яйтира, уьш шаьш аьллачунна тІера бевр бац аьлла. Даудан тІаьхье! Везачу Эло иштта боху: хІора дийнахь кхел е, гІело хуьлуш верг цуьнан мостагІчух кІелхьар а воккхуш. Иза аша ца дахь, Сан дералла, цІе санна, летар ю, аша лелош долу вониг бахьана долуш. Сан оьгІазалла йогуш хир ю цхьаьнгге а дІаяйалур йоцучу тайпана. Массара а Іебархой болу божарех а, зударех а болу леш паргІатбаха безаш бара. Цхьаннен а шайн къомах болу а, ЯхІудан тайпанах болу а леш шайгахь сецо бакъо яцара.
Выбор основного перевода