Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац. Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кІадин таьІна-цІен бос санна дІа ца дахалуш делахь а, ло санна, кІайдийр ду уьш. Уьш сирла-цІен бедар санна делахь а, тІаргІа санна, кІайдийр ду. Хьалдолчу Эло элира: «ХІара халкъ баганца Суна тІекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Іамийна долу парз бен дац. Хилларг дагадаийта Суна, цхьаьна къастор ду вай. Дистхила, шу бакъдеш долу бахьанаш даладе. ЛадогІа хІокхуьнга, Якъубан цІа, ЯхІудана тІера схьадогІуш долу Исраилан тІаьхье хьайх олуш долу. Ахьа Везачу Элан цІарах дуй а боу, Исраилан халкъан Везачу Далла Іамал а йо – бакъдолчуьнца а, нийсонца а иза ца дахь а. Веза Эла волчу Хьуна дуьхьал а девлла, Хьо Іехийра оха. Тхайн Делах дІадирзира тхо. Ницкъбарх а, аьрхаллах а лаьцна дуьйцу оха. Тхайн дегнашкахь кхоьллина харц дешнаш арадовлуьйту оха. Ткъа хьан къомах болчара боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“, церан шайн лелар нийса доццушехь. Шайн дай баьхначу заманахь дуьйна Сан парзаш тІера дІадирзина шу, аша уьш лар ца дина. Суна тІедерза, тІаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Амма аша хотту: „Муха тІедерза тхо?“ – олий.
Выбор основного перевода