Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къенаш а, мисканаш а хи лоьхуш бу, амма иза дац. Церан меттанаш дакъаделла хьогаллина. Амма Ас, Везачу Эло, жоп лур ду царна. Ас, Исраилан Дала, буьтур бац уьш. Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац. Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна, хІунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дІабуьгур бу уьш. Цо хин хьостанашна тІе балор бу уьш. Шуна гур ду иза, тІаккха шун дегнаш даккхийдеш хир ду. Заза даьккхина къона дитташ санна хир ду шу. Везачу Элан куьйгана Шен ялхой бевзар бу, амма Шен мостагІашна оьгІазгІур ву Иза». Цийон-лам тІе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду, ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат, Везачу Эло мел деллачунна: кІа, керла чагІар, зайтдаьтта, жена а, бежана а юкъара кІорнеш. Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш, ткъа церан дог кхин доьхна хир дац. ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дІахІуттур ду». Сох тешначун, Делан Йозанашна тІехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду».
Выбор основного перевода